25-апреля день Чеченского языка!
23.04.2016ТIкъе кхоалгIачу апрелехь ишколехь дIадаьхьира ненан маттана лерина деза де.
Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къоман хазна ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вай дуьненан а, адаман а хазалла йовза.
Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре ца хилча йиш йоцу гӀирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна ю. ХӀора халкъан ненан мотт — цуьнан дахаран хазна ю. Ненан мотт хӀора къоман а, хӀора халкъан а культурин бух бу. Иза кӀорггера дика Ӏамор вайн декхар хилар-билгалдира ишколан куьйгалхочо Испайханова Рахьмата.